Нохчийн Меттан Де!

25.04.2023

Нохчийн къоман куьйгалхочун   Кадыров Рамзан-Хьаьжин омрица 2007 чу шарахь  апрелехь  -Нохчийн  меттан Де даздарца доьзна ду вайн таханлера беркате цхьаьнакхетар.     Къомах къам дийриг уггаре хьалха, цуьнан мотт бу. «Мотт бац-къам  а дац!»-эрна ца аьлла оьрсийн сийлахьчу  яздархочо А.Пушкина. Къаьмнаш кхоьллина вовшашна довзийта,синоьздангалла д1асаекъийта,кхиийта…Дала  а  кхоьллина  вай  къаьмнашца,  цхьа  къам  кхолла  аьтто  боллушехь,  вай  вовшашна  довзийта  ,  дезийта  а.Меттанаш  тера  ду  латочу  согарех , цхьана  стогарочул  алсам  серло  ло  шиммо,  кхаамо  ,  иштта  д1а  кхин  а. Дукха  меттанаш  хаар  -иза  доккха  ирс  ду,  серло  а  а  ю  синан.