"Нохчийн Меттан Де"
25.04.2025Нохчийн мотт ширачу заманахь дуьйна схьайог1уш шен истори а йолуш,тахналерачу дийнахь муьлхха а ойла яста а,йийца а шуьйра таронаш а йолуш д1ах1оьттина дуьненан къоначу меттанех цхьаъ бу. Нахски меттанех цхьаъ бу иза,г1алг1айниг а,бацойниг а санна.Амма бийцаран,бевзаш хиларан хьалхара меттиг ю цуьнан Къилбаседа-Кавказехь.Миллион сов стеган мотт а бу и карарчу хенахь.